Канада

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Канада
Canada
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «лат. A mari usque ad mare
От моря до моря»
Шатлакхан Илли: «O Canada!»
Canada (orthographic projection).svg
Официалан меттанаш ингалсан а, французийн а
Коьрта гӀала Оттава 45°24′ къ. ш. 75°40′ м. д.HGЯO
Яккхий гӀаланаш Торонто, Монреаль, Ванкувер, Калгари
Урхаллин тайпа конституцин монархи
Монарх
Генерал-губернатор
Премьер-министр
Елизавета II
Дэвид Ллойд Джонстон
Стивен Харпер
Латта 2-гӀа дуьненахь
 • Дерриг 9 984 670 км²
хина тӀехле 8,62 %
Бахархой
 • Мах хадор (2013) 34 568 211[1][2] стаг
 • ХӀораннан а сина 43 145 Report for selected countries — Canada долл.
АДКМ|ИЧР (2013) 0,911[3] (лакхара; 11-гӀа меттиг)
Ахча Канадан доллар
(CAD, код 124)
Интернет-домен .ca
Код ISO CA
Код МОК CAN
Телефонан код +1
Сахьтан асаш −3:30−8
Автомобилийн некъаш аьтту[d]

Кана́да (инг. Canada [ˈkænədə]; фр. Canada [kanaˈda]) — Къилбаседа Американ пачхьалкх, латтан майданца дуьнехь шолгӀа меттигехь ю. Гуонахьа кхаа океанан хиш ду: Атлантикан, Тийна, Къилбаседа Шен океанийн, дуьненахь уггаре беха хин берд бу. Доза ду АЦШца къилбехахь а, къилбаседа-малхбузехь а, ткъа иштта хӀордаца доза ду Даница (Гренланди) къилбаседа-малхбалехь, Францица а (Сен-Пьер а, Микелон а) малхбалехь. Канадан а, АЦШ а доза дуьненахь уггаре деха доза ду шина пачхьалкхана юкъахь.

Канада — парламентан системица йолу конституцин монархи (паччахьалла) ю, цуьнан монарх ву Британин къаьмнийн доттагӀаллин монарх; Канада — шимотт буьцу а, дуккха оьздангаллин а мохк бу, цигахь ингалсан а, французийн а меттанаш официалан лаьрра федералан тӀегӀанехь. Технологин а, промышленни а кхиъна пачхьалкх, Канада ню дукха отраслан экономика, ехачу Ӏаламан ресурсашна а, йохк-иэцарна (масала АЦШ, цуьнца Канадас комплексца болх бо колонеш йолчу хенахь а, Конфедераци кхоьллинчу хенахь дуйна) а тӀехь бух болуш.

Кхоьллина 1534 шарахь французийн талламхочо Ж. Картьес, Канада дӀайолайо шен юьхьиг хӀинцалера Квебек йолчура французийн колони тӀиера, юьхьанца дехаш меттигера къаьмнаш бен дацара. Ингалсан колонизацин муьрал тӀаьхьа, кхаа британин колонийн бартах (хьалха Керла Францин мехкаш хилла болу) хилира канадан конфедераци. Канада маьрша елира Цхьаьнатоьхна Паччахьаллех машаран процессан жамӀаца, бахбеллачу 1867 шерера 1982 шо кхаччалц.

Тахана Канада федеративан пачхьалкх ю, лаьтта исс провинцех а, кхаа мехках а. Французийн мотт буьйцурш алсама болу провинци — Квебек, йисинарш — дукхах дерг ингалсан мотт буьйцу провинцеш ю, царех иштта ингалсан Канада а олу Квебекца юстуш. Ингалсан мотт буьйцу исс провинцех цхьаъ йолу, Нью-Брансуик ю официалан шинаметтан канадин провинци. Юконан мохк официалан шинаметтан ю (ингалсан а, французийн а), ткъа Къилбаседа-Малхбузан мехкаш а, Нунавут мохк а лору цхьайтталгӀа, цаьрца цхьаьна биъ официалан мотт а (царна юкъахь иштта бу ингалсан а, французийн а).

Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Картьен иэс. Сен-Мало

Канада цӀе схьаяьлла kanata дашах, иза гочдича «эвла», «юрт», «латта», «мохк»[4][5] хуьлу лаврентийн ирокезийн маттахь, и цӀе схьаэцна шеш Ӏадаьккхинчу юьртахь Стадаконехь (таханлера Квебекан йисттехь), — Жак Картьен дуьххьара индахой гина 1534 шарахь Гаспехь церан аьхкенан лагерехь. (дуста минго kanötayë’ «эвла, гӀала»[6], ононд. ganatáje «гӀала»[7] кхечу ирокезийн меттанашца.) ХӀинца Квебек гӀала йолчохь 1534 шарахь меттигерчу бахархоша и дош лелийра уьш Стадакона эвла хьажош[8]. Картьен экспедицил тӀаьхьа тӀаьхьа лаврентийн тайпа тӀепаза дайра – археологин ахкарш дийцарехь гуронашна а, къилба ирокезашна а юкъарчу тӀамо хӀаллакбинчух тера ду.

Картьес тӀаьхьа «Канада» дош и эвла билгалйоккхуш лелийна ца Ӏаш, меттигерчу тхьамдан Доннаконан куьйгакӀелара ерриг областах а элира. 1545 шарахь европан жайнаш а, карташ а тӀехь регион а, Сийлахь Лаврентий хин дерриг бердаш а «Канада» дашца билгалдехира. ТӀаьхьа и цӀераш яха йолийра дукхах йолчу луларчу Къилбаседа Американ мехкийн а, оцу хенахь Британийн империн куьйга кӀелахь хилла йолу.

Географин хьолаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Канадан спутникан сурт. Массанхьа махкахь, къилба йист йоцучохь, тайга ю, арктикан областехь, ткъа иштта бердайисташкарчу лаьмнашкахь а, Сийлахь Ильян лам тӀехь а шаш ду, аренан акъареш латта лело дика ю. Акъарин къилба-малхбалехь, Сийлахь-Даккхий Ӏаьмнаш чура Сийлахь Лаврентий арадолучохь, деха алсама бахархойн дакъа.

Канадас дӀалоцу Къилбаседан Къилбаседа Америкин доккхаха долу дакъа. 75 % мохк — къилбаседа зона ю. Канадан юкъара латта тӀиера доза ду АЦШ-ца къилбехахь а, къилбаседа-малхбузехь а (Аляскан а, Юконан а юкъахь), яьржина Атлантикан океан тӀиера малхбалехь Тийна океан тӀе кхаччалц — малхбузехь, Къилбаседа Шен океан тӀе кхаччалц — мехкан къилбаседехь. Цуьнан хӀордан доза ду Францица (Сен-Пьер а, Микелон а) а, Даница (Гренланди) а. 1925 шарахь дуьйна Канадан долахь ду Арктикан дакъа 60˚ м-буза д. а, 141˚ м-буза д. а юкъара, амма и ммохк бац массара а къобал бина. Уггаре къилбаседехьара Канадан а, дуьненан а нах беха меттиг ю Алертехь (Нунавут), Канадан тӀеман ницкъийн базехь Элсмир гӀайрен (82,5˚ къ.-с. ш. 834 км — 450 хӀордан миль — Къилбаседа полюсан герга) къилбаседа йисттехь. Канада — мехкан барамца дуьненахь шолгӀа меттигехь ю.

Бахархойн луьсталла (3,5 стаг 1 км²) дуьненахь уггаре кӀезигчех ю. Уггаре дукха нах хевшина мехкан область — иза Квебек-Виндзор аса ю, Сий. Лаврентин аренан бердашца а, Даккхий Ӏаьмнийн къилба-малхбалехь а. Оцу областан къилбаседехьа лаьтта шуьйра Канадан щит, тӀаьхьарчу шенан муьрехь шено цӀанйина, дуьй латта дӀадаьккхина, шортта минералаш долу, Ӏаьмнашца а, эркашца а йолу тархийн регион. Канадехь Ӏаьмнаш дуьненан муьлххачу регионехьчул алсама ду, цуьнан ду дукха цӀена теза хиш. Даккхий Ӏаьмнаш ду дуьненахь уггаре йоккха майда йолу теза хин гӀорош доцу хьост[9].

Канадан малхбалехь Сий. Лавренти хи кхочу Сийлахь Лаврентин аймане, цуьнан дуьненахь яккхийчех хикхоче ю, цигахь Ньюфаундленд гӀайре ю, ткъа Паччахь кӀентан Эдуардан гӀайре цунна къилбехьа ю. Нью-Брансуик а, Керла Шотланди а екъна Фанди аймано, иза гӀараяьлла ю дуьненахь уггаре лакха хӀорд тӀекхетарца. И хӀордаца йолу йиъ провинци ю Квебекан малхбалехьа. Онтарио а, Худсонан айма а лаьтта Канадан юккъехь, ткъа Манитобан тӀиера малхбузехьа Саскачеван а, Альберту а чухула яьржина шуьйра акъари канадийн прерийн Тархийн лаьмнаш тӀекхаччалц, цара къастабо уьш Британин Колумбех. ХӀудзонан аймано шолгӀа меттиг боккху дуьненахь шен барамца Бенгалийн аймал тӀаьхьа[10].

Онтариора Ниагара чахчари.

60-гӀа параллелан къилбаседехьа лаьтта кхоъ канадан мохк — Нунавут, Къилбаседа-Малхбузан мехкаш, Юкон, — шортта Ӏаьмнаш а долуш (уггаре даккхийнаш царех Доккха Чен а, Доккха Йийсархойн а Ӏаьмнаш), чекхдолуш уггаре деха мехкан хи — Маккензи а долуш. Цу тӀе Канадан Къилбаседен континентан латташ къилбаседехьа доза ду шена юкъа дуьненан даккхийчех гӀайренаш догӀу канадан арктикан архипелагца (гӀайренашца). Оцу гӀайренашна юкъара хидоькъеш ю Къилбаседа-малхбузан дехьадовлийла Лабрадоран хӀорд чуьра Бофортан хӀорд чу Баффинан аймах а довлий. Цул сов оцу ша биллинчу регионехь, Паччахь-аьзнин Елизаветин гӀайренашна юкъахь лаьтта къилбаседа магнитан полюс. Спир мара, уггаре малхбален тӀадам бу Канадан (Къилбаседа Америкин а), лаьтта Ньюфаундленд а, Лабрадор а провинцера Авалон ахгӀайрен тӀехь[11].

КӀайн ча, къилбаседа Манитоба

Ораматаш хийцало гӀаш долчу диттанийн хьаннаш тӀиера Онтарион къилбехьара ийна а, лаврентийн а хьаннашка кхаччалц, къилбаседехьа лагӀло тайган (къилбаседа хьаннаш я кӀохцалгийн аса) тӀиера тундре а, кхин дӀа Къилбаседан арктикан аренашка а кхаччалц. Полюсан гӀайренаш ду аьхка а дешаш доцу лайш а, шеш а къевлинчу зонехь. Баффинан латта а, Канадан къилбаседера бердашкара кхин гӀайренаш а къевлина тундро, цуо дӀалоцу Канадан материкан дерриг къилбаседа дакъа а, Худзонан айман малхбузан бердаца гуттар а къилбехьа чу а йоьду, Лабрадор ахгӀайрен тӀе а кхочу. Кхузахь кхуьу вересканаш, шач, дакхан а, дакан а коьллаш. Тундран къилбехьа Тийна а, Атлантикан а океанашна юкъахь яьржина хьаннийн шира аса. Алсама ю баганан хьаннаш; коьрта тайпанаш — Ӏаьржа база малхбалехь а, кӀайн база малхбузехь (Маккензи хин тогӀенахь), зез, бага, туя, кхин а. КӀезиг яьржина йолу гӀаш долчу диттийн хьаннаш лаьтта акхтаргех, маъах, дакхах, даках. Даккхий Ӏаьмнийн кӀоштара хьаннаш башха бес-бесара ю (американ муьшдечиг, веймутан зез, канадан тсуга, наж, цӀабалг, поп). Тийна океанан бердаца яьржина баганан хьаннаш: дугласан а, ситхин а база, аляскан а, цӀиен а кедр; Ванкуверан уллехь кхуьу цӀазамийн дитт а, орегонан наж а. Атлантикан хӀордашна йисттерачу провинцешкахь кхуьу бальзамийн пихтан, Ӏаьржа а, цӀиен а баган акадийн хьаннаш; кхин а кедр, американ бага, можа дакх, поп.

Тундрин зонехь деха дийнаташ: къилбаседан сай, полюсан пхьагал, лемминг, кӀайн цхьогал оригиналан мускусан уьстагӀбугӀа. Къилбехьа дийнатийн тайпанаш бес-бесара ду — хьуьнан сай карибу, беркате кепара сай вапити, сай, лаьмнийн кӀошташкахь — стомма маӀан ка, лайн газа. Дикка шорта ду дехкий: канадан тарсал чикари, оьпатарсал, американ бирдолаг, чадахка, гӀамаран пхьагалан доьзалера кхийсалург, хин дахка, зудӀама — мехачо, байн а, американ а пхьагал, пищуха. Цицигийн экханех Канадехь деха канадан цӀокъ а, тархалом а. Цигахь ю берзлой, цхьогалш, сира ча — гризли, цициг-жIала. Салор кепарчарех — салор, пекан, хешт, чакорт, кхин а. Дукха бенаш беш долу дӀакхелха а, промыслан а олхазарш ду. Текхаргийн а, хилаьттанийн а фауна кӀезиг ю. Тезачу хиш чохь чӀара дукха бу.

Климат[нисъе бӀаьра | нисъе]

Январан а, июлан а юккъера температураш къасталуш ю хӀора а областан. Ӏа хила тарло чӀогӀа буьрса цхьацца мехкан регионашкахь, беттан юккъера температураш кхачало −15 ˚С мехкан къилбан декъехь, ткъа наггахь −45 ˚С а чӀогӀа шийла мехашца. Канадехь мацца а цкъа хааелла температуран минимум, кхаьчна −63 ˚С (Юконехь). ХӀора шарахь лайн чкъор кхачадала таро ю масех бӀе сантиметр (масала, Квебекехь юккъера 337 см). Британин Колумбин берда йист, Ванкувер гӀайре муххале а, юкъара йолу, цигахь барамера климат хуьлу кӀеда а, догӀанаш оьхуш а Ӏаьношца. Аьхкенан температураш кхачало +35 ˚С, +40 ˚С, тӀуналлин индекс лоруш.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Монреалан панорама, Канада

Орамера къаьмнаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бенджамина Уэстан сурт Инарла Вулф валар, гойту Абрааман аренашкарчу тӀамехь ша тоьллачул тӀаьхьа 1759 шарахь британин инарла Джеймс Вулф валар.

Орамера къаьмнийн археологин а, генетикан а талламаш бакъдира Юконан къилбаседехь адам 26 500 гергга шо хьалха дуьйна хилар, ткъа Онтарио провинцин къилба декъехь 9500 шо хьалха дуьйна[12][13][14].

Археологин объекташ Олд Кроу Флэтс а, Блуфиш а — Канадера уггаре хьалхара адаман (палеоиндахойн) хӀусаман ши археологин иэс ю[15][16][17]. Канадан индахойн ю бархӀ ша-тайпа дуьне кхолларах миф. Уьш ю: лаьттах, дуьне кхоьллинчух, схьадаларх, девнах, талорах, велларг денваларх, шина кхуллучух а, церан къовсамех а, ткъа иштта вежарех[18].

Канадин бухарчу къаьмнийн цивилизацин юкъайогӀура гуттаренна я гӀалин меттигаш, юьртабахам, юкъараллин а, историн а архитектуран иэсаш, чолхе социалан иерархи[19].

Оцу цивилизацех цхьаерш тӀепаза яйна гуттара а хьалха европахой охьаховшале (XV бӀешо чекхдолуш — XVI бӀешо долалуш), карийна археологин талламаш бечу хенахь.

Орамера бахархойн барам мах хадорехь хилира 200 000[20] тӀиера 2 000 000 стаг кхаччалц 1400 шо чекхдолуш[21].

Канадан Паччахьан орамера бахархойн могашалла ларъяран комиссино тӀеийцира терахь 500 000[22]. Юх-юха хуьлуш йолу европан уьнан цамгарш, жӀаьлин ун, кхартанаш, морзгал (царна индахойн Ӏаламан иммунитет яцара), европахошца хьакхаваларан кхечу эффекташца, жамӀ хилира 40 % - 80 % орамера бахархой балар[20]. Канадан орамера къаьмнашна юкъадоьду индахой[23], эскимосаш[24], метисаш[25]. Метисийн оьздангалла кхоллаелла XVII-гӀа бӀешерийн юккъехь, индихой а, инуиташ а Европера кхелхинчаьрца иэлучу хенахь[26]. Инуиташ алсама дозадиттира европахойн мухажирашца йолчу юкъаметтигашна юьхьанцарчу муьрехь[27].

Керла Франци[нисъе бӀаьра | нисъе]

1534 шарахь французийн талламча Жак Картье воьссина Гаспе.

Дуьххьара европахой баьхкина, норвегийн викингаш Ньюфаундлендера Ланс О Меду 1000 шо хьалха охьахевшинчу хенахь[28][29], цу хенахь колонизаци ярах гӀуллакх ца хилча, 1497 шо кхаччалц севцца, италихой хӀордахо Кабото Джованнис (Кабот Джон) таллалц Канадан атлантикан бердйист Ингалсана[30].

ТӀаьхьуо, 1498 а, 1521 а шерашна юкъахь, тайп-тайпана португалихойн хӀордахоша теллира Канадан малхбален бердаш, кхоьллира регионехь чӀерий лоьцу гуттаренна а йолу эвланаш[31]. 1524 шарахь Канадан малхбален бердаш теллира французийн паччахьан гӀуллакхехь волчу, флоренцийн хӀордахочун Джованни Веррацанон экспедицис.

1534 шарахь Жак Картье воьссира Гаспен берда тӀе, цуо оцу латтан цӀе Канада тиллира, иза тӀаьхьуо цхьа провинции хилира Керлачу Францин[32].

Масийттаза аьтту ца болуш гӀиртина (Лонг-Айлендера Керла Ангулем а, Флоридера Сент-Огюстен а) французаша кхоьллира паччахьо къобалйина хьалхара колонеш: Тадусак (Квебек) 1600 шарахь, Пор-Руаяль 1605 шарахь, Квебек 1608 шарахь[33]. Ингалсхоша 1610 шарахь законаца кхоьллира Ньюфаундлендехь Сент-Джонс гӀала. Французаш тесира чӀогӀа уьйр гергахь долчу индахойн къаьмнашца.

Амма европахойн талламчаша дукха лазарш деира, уьш сиха даьржира йохка-иэцаран новкъашкахула бухарчу бахархойн кӀорге, меттигаш яслуш яра. Французийн мухажираш, дукха хьолахь богӀура чӀогӀа могаш боцуш а, боьхачу кеманаш тӀехь а, кӀелхьара бовлура индахойн молханаш бахьнехь. Иштта, масала, цинган (доьлийн цамгар) дарбана, гуронаша кӀайн кедран чкъоьран чорпа малайо, цунах олу — анеда.

Французийн мур: барташ, тӀемаш, ВорхӀ шеран тӀом[нисъе бӀаьра | нисъе]

Мехкех, хӀордан базанех, цӀоканех, чӀара лацарех болу къийсамаш хуьлу тӀаьхь-тӀаьхьа морса, шортта тӀемаш лелха, царна юкъахь бара французаш, голландхой, ингалсхой, бертахь долу индахойн тайпанаш[34]. ЦӀуоканаш йохкарна терго латторхьама хилла Францийн ирокезийн тӀемаш доьду ирокезийн конфедерацин, бартхошна юкъахь, уьш бара хьалха голландхой, ткъа тӀаьхьа ингалсхой, гуронаш, алгонкинаш, французийн бартхой. Франко-ирокезийн 1689 - 1763 шерашкахь хилла болу беа тӀамо йол-йолуш Ньюфаундленд, ткъа тӀаьхьа, Акади а ингалсхойн караяхара. Французийн мухажирашна а, британин Ӏедалшна а юкъахь гӀоьртина хьал нислора, масала, ерриг йохийна Пор-Руаяль, цул тӀаьхьа акадихой арабаьхна (гӀарадаьлла Доккха къаьхьа къурс) 1755 шарахь[35].

Керла Франци яьржина Тархийн лаьмнашна тӀиера Аппалачи лаьмнаш тӀекхаччалц. Ингалсхошна лаьа даха Огайо эркан атагӀе, Форт Дюкен (хӀинцалера Питтсбург) схьаяккха лууш. 1756 шарахь Францина а, Ингалсан а юкъара Америкера ВорхӀ шеран тӀамехь схьаехира гӀаланаш Квебек - 1759 шарахь, Монреаль - 1760 шарахь. ВорхӀ шеран тӀамехь толам баьккхинчул тӀаьхьа, 1763 шеран Парижан бартаца Йоккха Британис чеккхенца схьатуху Акади, Канада, Луизианан малхбален дакъа (Миссисипин а, Аппалачашна а юкъара)[35].

Ингалсан мур: Лакхара а, Лахара а Канада[нисъе бӀаьра | нисъе]

Американ революцин чеккхенгахь Цхьаьнатоьхна импери 50 000 гергга лоялисташ кхелха Квебеке, Керла Шотланде, Принц Эдуардан гӀайрен а, Ньюфаундлендан а тӀе[36].

Уьш Керла Шотландехь биеза хьеший ца хиларна, Нью-Брансуик дӀакъаьста оцу колонех 1784 шарахь. ТӀаьхьа ингалс мотт буьйцу лоялисташ дӀатарбар Ӏалашо йолуш Канада колони 1791 шеран Конституцин актаца екъало шина тайп-тайпанчу колонин, Лакхара Канадан а, Лахара Канадан а, хӀоранна а бакъо йолуш харжа шайн Законанкхолларан гулам[37].

Ткъех шо даьлчи Канадо ловзайо ладаме роль АЦШ а, Цхьаьнатоьхна паччахьалла а екъначу 1812 шеран тӀамехь. Цуьнан дуьхьалоно ло цунна ладаме ехачу хенан таро, цунна юкъахь Къилбаседа Америкин Британин бахархойн синмехаллин марталла а, къомалла а. Йоккха Британин а, Ирландин а массийн иммиграци Канаде йолало 1815 шарахь[38]. 1891 шо кхачале Канаде кхелхина деа декъан тӀиера кхаа декъе кхаччалц европахой, белира уьнан цамгарех[20]. Цхьа могӀа бинчу барташа, даладо тӀаьххьара Канадан а, АЦШн а юкъарчу бехачу машаран муьре, иза бохабо наггахь хуьлу доцачу фенийн тӀелетарша.

Законаш хӀитто а, налогаш яха а Лахара Канадан парламентан ницкъ ца хиларо, социалан чолхенаш, кӀезиг болчу франкийн мотт буьйцучарна Ӏотталуш долу хӀумнаша Патриотийн гӀаттаме дуьгу. Папино Луи-Жозефан куьйгаллийца кхайкхайо Республика Канадан маршо. И шайн урхалла дан лаам къиза охьатаӀабо британин эскаро, цуо ягайо, талораш до Монтережин дуккха а эвланашна. Дукхаха болу гӀовттамхой ирх оьхкина, цхьаберш хьовсийна Австрале, кхин берш бевдира Цхьаьнатоьхначу Штаташка.

Къилбаседа Американ пачхьалкхаш
Антигуа а, Барбуда а | Багаман гӀайренаш | Барбадос | Белиз | Гаити | Гватемала | Гондурас | Гренада | Доминика | Доминикан Республика | Канада | Коста-Рика | Куба | Мексика | Никарагуа | Панама | Сальвадор | Сент-Люси | Сент-Винсент а, Гренадинаш а | Сент-Китс а, Невис а | Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ | Тринидад а, Тобаго а | Ямайка
Бозуш болу мехкаш: Виргинийн гӀайренаш (АЦШ) | Ангилья | Аруба | Банка Бахо-Нуэво | Банка Серранилья | Бермуда гӀайренаш | Бонайре, Синт-Эстатиус а, Саба а (Карибан Нидерландаш) | Британин Виргинийн гӀайренаш | Гваделупа | Гренланди | Кайманийн гӀайренаш | Клиппертон | Кюрасао | Мартиника | Монтсеррат | Навасса | Пуэрто-Рико | Сан-Андрес-а-Провиденси а | Сен-Бартелеми | Сен-Мартен | Сен-Пьер а, Микелон а | Синт-Мартен | Тёркс а, Кайкос а | Венесуэлан долахь йолу меттигаш


Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Census.gov Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 9 майхь. Теллина 2013 шеран 9 майхь.
  2. Canada's population clock. Statistics Canada. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь.
  3. Human Development Report 2013(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). United Nations. Теллина 2013 шеран 14 мартехь.
  4. Origin of the Name, Canada (ингалс.). Canadian Heritage (Government of Canada) (2008). Теллина 2010 шеран 27 июнехь.
  5. Rayburn A. Naming Canada: Stories about Canadian place names. — Toronto: University of Toronto Press, 2001. — P. 13-17. — (ISBN 0-8020-8293-9).
  6. Mingo (see-001) kanötayë’ PanLex.
  7. Zeisberger D. Essay of an Onondaga Grammar // The Pennsylvania Magazine of History and Biography. V. 11. — 1888. — P. 444.
  8. Maura, Juan Francisco (2009). «Nuevas aportaciones al estudio de la toponimia ibérica en la América Septentrional en el siglo XVI». Bulletin of Spanish Studies (Routledge) 86 (5): 577–603. DOI:10.1080/14753820902969345.
  9. Великие озера Северной Америки (США и Канады): фото, видео, где находятся великие американские озера на карте (2013, 9 июль). Теллина 2017 шеран 11 октябрехь.
  10. Сергей Губанов Гудзонов залив. Теллина 2017 шеран 11 октябрехь.
  11. География Канады. Теллина 2017 шеран 11 октябрехь.
  12. Y-Chromosome Evidence for Differing Ancient Demographic Histories in the Americas (ингалс.) (PDF). University College London 73:524–539 (2003). doi:10.1086/377588. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2010 шеран 22 январехь.
  13. Cinq-Mars, J (2001). «On the significance of modified mammoth bones from eastern Beringia» (PDF). The World of Elephants – International Congress, Rome. Теллина 2010-02-25.
  14. J.V. Wright A History of the Native People of Canada: Early and Middle Archaic Complexes (ингалс.). Canadian Museum of Civilization Corporation (27 September 2001). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2009 шеран 19 октябрехь.
  15. Ron Griebel The Bluefish Caves (ингалс.). Minnesota State University. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2003 шеран 13 ноябрехь. Теллина 2009 шеран 18 сентябрехь.
  16. Beringia: humans were here (ингалс.) (re-published online by Canada.com). Gazette (Montreal). CanWest MediaWorks Publications Inc. (17 May 2008). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2009 шеран 18 сентябрехь.
  17. Jacques Cinq-Mars Significance of the Bluefish Caves in Beringian Prehistory (ингалс.). Canadian Museum of Civilization (2001). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2010 шеран 15 апрелехь.
  18. The Native Imprint: The Contribution of First Peoples to Canada's Character / Dickason, Olive. — Athabasca: Athabasca University Educational Enterprises, 1995. — Vol. 1. — P. 114–117.
  19. History & Mathematics: Historical Dynamics and Development of Complex Societies. — Moscow: KomKniga/URSS, 2006. — ISBN 5484010020
  20. 1 2 3 Wilson Donna M Dying and Death in Canada. — Toronto: University of Toronto Press, 2008. — P. 25–27. — ISBN 9781551118734
  21. Thornton Russell Population history of Native North Americans // A population history of North America / Michael R. Haines, Richard Hall Steckel. — Cambridge: Cambridge University Press, 2000. — P. 13. — ISBN 0521496667
  22. «Handbook of North American Indians: Indians in contemporary society». Garrick Alan Bailey (2008). Government Printing Office. p.285. ISBN 0-16-080388-8
  23. Civilization.ca-Gateway to Aboriginal Heritage-Culture (ингалс.). Canadian Museum of Civilization Corporation. Government of Canada (12 May 2006). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2009 шеран 18 сентябрехь.
  24. Inuit Circumpolar Council (Canada)-ICC Charter (ингалс.). Inuit Circumpolar Council > ICC Charter and By-laws > ICC Charter (2007). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2009 шеран 18 сентябрехь.
  25. In the Kawaskimhon Aboriginal Moot Court Factum of the Federal Crown Canada (ингалс.) (PDF). Faculty of Law(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). University of Manitoba (2007). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2008 шеран 25 июнехь. Теллина 2009 шеран 18 сентябрехь.
  26. What to Search: Topics-Canadian Genealogy Centre-Library and Archives Canada (ингалс.). Ethno-Cultural and Aboriginal Groups. Government of Canada (27 May 2009). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2009 шеран 2 октябрехь.
  27. Adrian Tanner Innu Culture 3. Innu-Inuit 'Warfare' (ингалс.). Department of Anthropology-Memorial University of Newfoundland (1999). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2009 шеран 5 октябрехь.
  28. Pálsson Hermann The Vinland sagas: the Norse discovery of America. — Penguin Classics, 1965. — P. 28. — ISBN 0140441549
  29. Reeves Arthur Middleton The Norse Discovery of America. — BiblioLife, 2009. — P. 82.
  30. John Cabot's voyage of 1498 (ингалс.). Memorial University of Newfoundland (Newfoundland and Labrador Heritage) (2000). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2010 шеран 12 апрелехь.
  31. The Portuguese Explorers (ингалс.). Memorial University of Newfoundland (2004). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2010 шеран 27 июнехь.
  32. Morton Desmond A Short History of Canada. — 6th. — Toronto: McClelland & Stewart, 2001. — P. 9–17. — ISBN 0-7710-6509-4
  33. Morton, Desmond (2001) (pp. 17-19)
  34. Morton, Desmond (2001) (p. 33)
  35. 1 2 Sarkonak, Ralph (1983). «A Brief Chronology of French Canada, 1534–1982». Yale French Studies (Yale University Press) (65): 275–282.
  36. Moore Christopher The Loyalist: Revolution Exile Settlement. — Toronto: McClelland & Stewart, 1994. — ISBN 0-7710-6093-9
  37. McNairn Jeffrey L The capacity to judge. — Toronto: University of Toronto Press, 2000. — P. 24. — ISBN 0802043607
  38. Haines Michael A population history of North America. — Cambridge University Press, 2000. — P. 380. — ISBN 9780521496667

1000HA.png